Британин полицина хетарехь, церан аьтто баьлла шалха агент хиллачу Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIанна Юлияна а Британерчу Солсберехь дIаьвшен тIелатар динарш билгалбаха.
Цунах лаьцна хаам бина Малхбузерчу хааман агенталлаша, полицерчу хьастана тIе а тевжаш.
Талламхоша билгалбаьхна шеко йолу нах, Солсберехь видеокамераш дIаязйинчу видеох пайда а оьцуш. Церан сурташ цара дуьхь-дуьхьал хIиттийна дIаьвшен тIелатар дале хьалха Британе баьхкинчу нехан сурташца.
Цул тIаьхьа полицино сацам бина дIавшен тIелатар динарш Оьрсийчоьнан махкахой хиларх лаьцна.