Евробартана тIаьххье Албанино а, Гуьржийчоьно а, Украино а, Черногорино а яхйина нуцкъала Украинин ГIирма дIалацарна Оьрсийчоьнна кхайкхийна санкцеш. Уьш болх беш хир ю 2019-чу шеран Мангал-беттан 23-чу дийне кхаччалц. Цунах лаьцна хаам гучубаьлла Евробартан сайта тIехь.
Оьрсийчоьно шех дIатуьйхира ГIирма 2014-чу шарахь, оьрсийн эскархоша Iуналла а деш, Украинин низамаш а дохош, дIаяьхьначу референдумо бина сацам кхочуш бон аьлла. Украино а, Малхбузерчу пачхьалкхаша а иза дуьненаюкъара низам дохор лоруш санкцеш кхайкхийна Кремлна дуьхьал. Москохо лору ахгIайре дIалацар "историн нийсо меттахIоттор" санна.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!