ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхетамчу веана Москох йиттина комехь хилла Дагестанера студент


Абумуслимов Амир.

Кхушарахь Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь боксеро Батиров Анвара буй тоьхна кхетамчуьра ваьккхинера Москох лоьрийн дешар доьшу студент Абумуслимов Амир. Цу хенахь дуьйна комехь хилла жима стаг кхетамчу веана. Цунах лаьцна хаам бина "Дош" журнало, дархочуьнан дас Абумуслимов Кудрата аьллачунна тIе а тевжаш.

Цо дийцарехь, Амир карарчу хенахь Солнечногорскан кIоштарчу клиникехь реабилитацин центрехь ву. Шен кIант кхетамчу веана, амма къамел далуш вац иза, боху цо.

Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, Москох 8 стага, шайна юкъахь зуда а йолуш, багайиттина хилла Абумуслимовга, сий доцу къамелаш а деш. Юха цхьаммо буй тоьхна вожийнера иза. Хилларг гинчу зудчо лоьраш кхайкхинера. Цара дIавигнера жима стаг дарбанан хIусаме.

Аьтто боцуш дирзина

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG