ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Караерзалур юй-те кавказхошка Сибрех?


Хабаровск кIошта кхуьйкхуш бу гIалгIай, делахь а дIакхалхочу программин жамIаш цкъачунна къаьсташ дац.

Хабаровск кIоштан Iедалхоша кху деношкахь шайн мехкашка балха кхайкхина ГIалгIайчоьнан бахархой. Кеп-кепарчу говзаллашкахь белхаш ду аьлла шаьш долчахь.

Сунжа кIоштарчу бахархошна белхан меттигаш нисъечу центран директорна Горчханова Хьавана хетарехь, белхан меттигашка нах боьхуш ГIалгIайчоьне кхочучу дехаршлахь, уггар а тIаьхьало йолуш ду Хабаровск кIошто кхийдо некъаш.

"Хабаровскехь цхьа могIа яккхий инвесторийн проекташ ю кхочушъян юьхьарерзийна, цундела къинхьегаман куьйгаш оьшу цигахь кеп-кепарчу регионашкара. Доккхачу декъанна оьшурш бу электросварщикаш, цIохархой, машинисташ, слесарш, кхиболу говзанчаш а", - билгалдаьккхина Горчхановас.

Белхахошна юьззина социалан пакет дIакхачо кийча бу Хабаровскера Iедалхой, чохь Iен хьусамах я боллу мах, я ах мах шайна тIе лоцу цара, ишта некъан транспортан харж а шаьш йийр ю аьлла.

Сунжа кIоштарчу бахархошна белхан меттигаш нисъечу центрехь хIинцале а кампани йолийна, Хабаровскан кIошта балхавахар гIоле хиларх дуьйцуш.

ГIалгIайчохь белхазалла лакхарчу терахьашкахь йоллушехь а, Генарчу Малхбалера схьахеза зурма мел хаза елахь а, Къилбаседа Кавказо кхин ойлаайелла тIе ца лоцу 6, 5 эзар гергга киламетар генарчу махкахь рицкъ лахар.

"Кавказан къаьмнийн Ассамблей" юкъараллан организацин декъашхочо Хизриев Iабдуллас бахарехь, тIаьхьало йолуш проекташ яц уьш.

"Ас мел дукха анализаш йина оцу белхан, цундела суна хетарехь, кхетам боцуш идея ю иза. Дахаре а ерзийна, кхочушъялур йолуш проекташ яц уьш. Суна дагадогIу, Советан заманахь, Къилбаседанера хиш Казахстане а, Юккъерчу Азе а дерзор дийцаредора.

Цуьнах гIуллакх ца хилира, хIунда аьлча, экологин катастрофа хила кхерам бахьана долуш юкъахъяьккхира и проект. Оццу сценари юкъара хета суна тахана Къилбаседа Кавказера бахархой кхечу регионашка дIакхалхо гIортар. Дийцарш а хилла дуьсур долуш хIума ду и. Доцца аьлча, авантюра ю-кх иза", - билгладаьккхира Хизриевс шен "Кавказ.Реалии" порталца хиллачу къамелехь.

Шайн амалашца, доьзалашна напха лаха мичча а дIабаха кийча бу вайнах. Ша ду, нагахь Къилбаседан мехкашкахь дуккхахберш санна вахтан методехь и болх белахь.

Регионан Iедалхошка иттанашкахь шерашкахь кхио ницкъ ца кхаьчна мехкаш кавказхойн куьйгашца караерзалур ю аьлла ойла яц юкъаралхочун Успанов Юнин а. Цунна хетарехь, балха нисбан гIертар цхьа кхи бух болуш хила тарло, мел а глобалан Iалашонца.

"Шайн дайн мехкашкара кавказхой меттах а бохуш, уьш кхечу, Iер-дахаран хьелаш хала долчу регионашка дехьабаха гIертар хета суна оцу проекташна тIехьа хьулдинарг. Ткъа кхи муха кхетор ду ахь Хабаровск кIоштахь, масала, сварщикаш оьшу бохург? ХIунда ца дохку царна изза хьелаш шайн цIахь? Стенна оьшу уьш шайн доьзалх, даймахках дIахадо? Со тешна ву, хIинццалц а санна, и проекташ вайн наха къобал йийр яц аьлла", - дуьйцу Успановс.

ГIалгIайчохь дуьххьара дац къинхьегамна нах бехар. Масала, 2009-чу шарахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун а, хIетахь Свердловск кIоштахь губернатор хиллачу Россел Эдуардан а бартхиллера Урале белхашбан гIалгIай бахийта.

Бакъду, масех доьзал бен реза ца хилира цига баха, иза а цига дIабоьлхуш шина а агIоно финансашца гIо а деш.

Вуьшта ала догIу, Къилбаседанерчу цхьаболчу мехкашка дуккха а кавказхой дIакхелхаш хилар, масала, Ханты-Мансийскан гIаланашка. Амма меттигера бахархой дIоггара баккхийбеш ца хуьлу, хIунда аьлча, керлачу гонехь кавказхой дIаэрца проблемаш гучуюьйлу дела.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG