ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра бахархой лецна Истанбулехь антитерроран операцехь


Туркойн полисхо. Истанбул. Гайтаман сурт.
Туркойн полисхо. Истанбул. Гайтаман сурт.

Истанбулехь террорана дуьхьал операци дIахьош лаьцна 5 стаг. Цу хаамца, цу нахана бехке дуьллуш ду "Исламан пачхьалкх" олучу тобанан декъашхошка уьйраш латтор. Царна юкъахь ю Федералан миграцин сервисан Нохчийчуьрчу урхаллан хиллачу куьйгалхочуьнан йоI Дудуркаева Седа а, "Исламан пачхьалкх" тобанан тIеман хьалханчех хиллачу Батирашвили Тарханан ши кIант а, хаам бо ТАСС агенталло, туркойн Daily Sabah газетана тIе а тевжаш.

Daily Sabah-о дийцарехь, уьш лецна хилла кху беттан 4-чу дийнахь, амма цунах лаьцна Iедалан векалша официалан хаам бина еарин дийнахь. Карарчу хенахь царах хилларг хIун ду хьахош дац.

2013-чу шарахь Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана даржах вохийра Дудуркаев, цуьнан йоI Шемахь тIемалойх дIакхетар бахьана долуш. Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздарехь, Дудуркаева Седа цIаерзо гIиртира цуьнан гергарнаш, амма цуьнах гIуллакх ца хилира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG