ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Bloоmberg: Донбассехь референдум ян езара аьлла Путина Трампе


Трамп Доналд а, Путин Владимир а пресс-конференцехь ХIелсинкехь. 16 Товб. 2018.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира ХIелсинкехь кху беттан 16-чохь Iамеркан президенте Трамп Дональде аьлла хилла Донецкан а, Луганскан а халкъан олучу республикашкахь референдум ян езара аьлла. Цунах лаьцна Путина дийцина оьрсийн дипломаташка, арахьарчу гIуллакхийн министраллехь кхеташо дIахьош еарин дийнахь (19-гIа де). Цунах лаьцна хаам бо Bloоmberg агенталло, цигахь дакъалаьцначу шина хьастана тIе а тевжаш.

Цара дийцарехь, Трампа дехар дина Путине цхьаьнакхетаран жамIаш деш хин йолчу зорбанан конференехь цунах лаьцна ма хьахадахьара, шена ойла ян хан оьшуш хиларна аьлла.

Болчу хаамца, Путина аьлла Донбассан статус билгалйоккхуш референдум ян мегар дара, дуьненаюкъаралло Iуналла а деш.

Донбассехь тIом иккхира 2014-чу шарахь бIаьста Оьрсийчоьно Украинин ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа. Киево а, Малхбузера пачхьалкхаша а бехке еш ю Оьрсийчоь, герз а карахь, Украинина дуьхьал бевллачу сепаратисташна гIортор ярна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG