ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема: Асадан эскарш улле гIоьртина Голанашна


Шема: Асадан эскарш улле гIоьртина Голанашна.
Шема: Асадан эскарш улле гIоьртина Голанашна.

Шеман президентан Асад Башаран тIеман ницкъаша дIалоцуш ю, цу мехкан къилба-малхбузера, Израило Iуналла деш йолчу Голанан лакхенашца Iуьллу территори. Кунейтра провинцера и меттигаш гIаттамхойн карахь яра масийтта шарахь. Амма тIебогIучу Асадан ницкъах цаьрга лар ца елира уьш.

Малхбузерчу хаамийн гIирсаша дийцарехь, Оьрсийчоьнан эскаран векалша юкъарло а лелош, барт бина цу кIоштахь герзаш деттар сацо.

Голанан лакхенашца Iуьллучу территорина урхалла дар шайн караоьцур ду Шеман Iедалша. Герз охьадилла лууш боцучу гIаттамхойн аьтто бийр буцара Шеман къилбаседерчу кIошташка дIабаха. Цу тайппаеп лелийра Асадан эскарша Малхбалера Гута а, Урданан дозанца йолу кIошташ а дIалоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG