ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пенсе воьду хан тIетохар ца тов Путинна


Путин Владимир.
Путин Владимир.

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедар дина, дукхах болчу махкахошна санна, пенсе воьду хан тIетохар ца тов шена аьлла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Мехкан куьйгалхочо бинчу хаамца, кхоччуш сацам цу хаттарехь бина бац. Цо дош делла пенсе воьду хан хьокъехь нахана хетачуьнан мах хадо хьожур ву ша аьлла.

Путина дийцарехь, Оьрсийчохь хIора болх бечу 6 стагана 5 пенсионер кхочу. Нагахь и баланс кхин а галъялахь "пенсин система эккхар ю", боху цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG