ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куьцана хIоттийна кхел


Титиев Аюб кхелехь
Титиев Аюб кхелехь

КIезиг бу Титиев Аюбан довхаттар нийсонца ду аьлла хетарш

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" центран куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьалдаьккхинчу бехкзуламан гIуллакхан хьокъехь ладегIарш долийна кхелахоша Нохчийчохь. Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле Титиевн адвокаташа дахьийтинчу арзна дуьхьал жоп кхачаре а ца хьоьжуш, йолийна кхел.

Оьрсийн бакъонашларъярхоша дукхазза билгалдехира, талламхоша шайн болх дIахьочу заманчохь йийлитинчу ледарлонех, кхачамбацарех, и дерриге а тидаме а эцна, адвокаташа къуьйсура Титиев чохь витар дIадахдеш бинчу сацамца а, бакъонашларъярхо дIалаьцначу полисхошна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх дуьхьал ца даккхарца.

Европера бакъонашларъярхой а эргIадбахна Титиев Аюб лаьцна латторна а, цунна дуьхьал доху бехкаш бух боцуш ца хиларна а. Титиев маьршаваккхар тIедожош, вовшахтоьхна акцеш дIаяьхьира Норвегехь, Белгехь, ур- атталла Кубехь а. Дуьненахь гоьевлла бакъонашларъяран организацеш, шайлахь Amnesty International, Human Rights Watch а, Civil Rights Defenders а йолуш.

ТIехIиттира Титиевна Белоруссера а, Полшера а, Украинера а, Азербайджанера а, ишта кхечу мехкашкара а бакъонашларъярхой а цхьана. Титиев Аюбан хьокъехь шен кхерамаш бовзийтира дукха хан йоццуш ФИФА-с. "Iаламат боккха сингаттам латтабо тхоьгахь Титиевн гIуллакхо. Дуьненаюкъарчу барамашца а догIуш, нийсонца кхел яр доьхучу Титиевн бакъо лараме хила езаш ю" аьлла ду, ФИФА-н Инарла секретаро Самура Фатмас куьйгяздинчу кехат тIехь.

Цул хьалха, Дуьненан футболан чемпионат йолалучу деношкахь, ФИФА-га дехарш динера Европарламентан 36 депутато. Нохчийчохь адамийн бакъонаш даим а хьоьшуш хиларна терго тIеоьзнера цара, иштта Титиев Аюбна дуьхаьл политикан бух тIехь гIуллакх долорах а дуьйцура депутаташа.

Бакъонашларъярхочун кхелан кхеташо йолаялале де хьалха адамийн бакъонашкахула йолчу Европан Кхеташонан комиссар Миятович Дунья а йистхиллера Оьрсийчоьнан Инарла прокуроре Чайка Юрийга.

Шен шеконаш ю элира цо цхьана а хIуманна тIехь озабезамаш а боцуш Титиевн довхаттар хирг хиларх. Шайга информаци ло аьллера Миятовича инарлапрокуратуре Титиевн гIуллакх бахьанехь шаьш баккъал а яьхначу гIулчех лаьцна.

Катохий лаьцначуьра маьршаваккха элира Миятовича Титиев Аюб. Иштта цо дагатесира, Оьрсийчоьнан омбудсменан Москалькова Татьянин а, адамийн бакъонашкахула йолчу Кхеташонан (СПЧ) куьйгалхочун Федотов Михаилан а Титиевн довхаттар кхечу регионе дIехьадаккха аьлла, дIахьедарш дар.

"Цушиннан цу кепара позици хиларо а тоьшаллаш до, нагахь Титиевн гIуллакх Нохчийчохь хаттахь, бакъонца луьстур дац аьлла", - аьлла хета комиссарна.

Титиевна сагатдарца дIахьедар дина Европан арахьарчу зIенашкахула йолчу хьукмато а. ДIахьедаран авторша шаьш тешна ду боху, Титиев лацар, цо "Мемориалехь" болх барца доьзна ду аьлла, дагалоцуш бакъонашларъяран центрна тIеIаткъамашбар.

Бакъонашларъярхоша а, арахьарчу политикаша а, юкъараллаийн организацеша а жигараллица къахьоьгушшехь, Титиевн довхаттар Нохчийчохь дуьсу.

Тергамза дитина адвокаташа, муьлххачу а нохчийн кхелан сацамна тIеIаткъамбийриг мехкан Iедалхой бу, къаьсттина Кадыров Рамзан, алар а.

Делахь а, Титиевн гIуллакх кхелахоша цхьана а агIонгахьа ийза а ца уьйзуш, луьстур ду аьлла, шанс юьсуш ю.

Кхааридийнахь Шеларчу кхелан кхеташонехь дIахьедира, нагахь Титиевн довхаттар кхечу регионе дехьадоккхуш Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхелан сацам хилахь, шаьш дуьхьало йийр яц аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG