ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассехь референдум ярх ойла юхатоьхна Киево а, Вашингтоно а


Геращенко Ирина.
Геращенко Ирина.

Украинин Лаккхарчу Радан хьалхарчу вице-спикеро Геращенко Иринас юхатоьхна Украинин малхбалехь муьлхха а референдум яр. Шен Фейсбукерчу агIонехь цо яздина, цхьа а референдумаш хир яц, тIе хьажийна масатоьпаш а йолуш, школашна а, берийн бешашна а гонаха хIиттийна Оьрсийчоьнан танкаш а йолуш, аьлла.

ПIераскан дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира ХIелсинкехь кху беттан 16-чохь Iамеркан президенте Трамп Доналде аьлла хилла Донецкан а, Луганскан а халкъан олучу республикашкахь референдум ян езара аьлла, хаам бинера Bloоmberg агенталло.

КIайн ЦIийно оццу дийнахь дIахьедар дира Путина ян еза бохучу референдумна гIортор ян цхьа а аьтто ца го шайна аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG