ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

2019-чу шеран мукъа денош дехьа-сехьа дахарх проект кечйина Оьрсийчохь


2019-чу шарахь хир долу мукъа денош дехьа-сехьа дохуш проект кечйина Оьрсийчуьрчу белхан министралло. Иштта Дечкен-баттахь (Январь) 5-чохь а, 6-чохь а хила деза мукъа денош (шот а, кIиранде а) дехьадохур ду Стигалкъекъа-беттан (Май) 2-чу а, 3-чу деношка. Чиллан-беттан (Февраль) 23-гIа шотде хиларна, цу дийнахь хила деза мукъа де дехьадоккхур ду Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне.

Цу кепара, Оьрсийчуьрчу бахархоша садоIур ду Дечкен-беттан 30-чу дийнахь дуьйна Дечкен-беттан 8-чу дийне кхаччалц а, Чиллан-беттан 23-чу а, 24-чу а деношкахь а, Зазадоккху-беттан 8,9,10-чу а деношкахь а, Стигалкъекъа-беттан 1-5-чу а, 9-12-чу а деношкахь а, ткъа иштта Мангал-беттан (Июнь) 12-чу а, Лахьан-беттан (Ноябрь) 2-4-чу а деношкахь а.

Белхан министралло билгалдаьккхина, юкъараллан аьтто хилар, и проект йийцаре ян. Иза дIахIоттийна ю федералан барамийн а, низамийн а проектийн порталехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG