ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь динчу тIелатарехь байина полисхой


Дагестанехь пIераскан дийнахь машенахь хилла ши полисхо вийна, муьлш бу ца хуучу наха герз а диттина. Кхин цхьаъ чов хилла ву. И хаам бакъбина республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

ТIелатар дина Кизил-юьртан кIоштахь "Кавказ" некъа тIехь. Герз диттина полисхошна машенна чуьра. ТIелетар динарш къайлабевлла.

Оьрсийчуьрчу хаамийн агенталлаша яздо, полицин белхахой байинарш Хасав-юьртара тIеман тобанера нах бу бохуш. Оццу хенахь интернетехь хаамаш баьржина иза "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано шена тIеэцна хиларх лаьцна. Цу тобанан цIарх бинчу хаамехь дуьйцуш ду, вийнарг кхо полисхо ву бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG