ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Православин вежарийн гIайгIа беш" стадионашкахь йий дохкарехьа ву Минниханов


Иштта йий ду кху деношкахь духкуш Болорусехь.
Иштта йий ду кху деношкахь духкуш Болорусехь.

ГIезалойчоьнан куьйгалхочо Минниханов Рустама Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире хьахийна, стадионашкахь йий дохкар юха а юкъадаккхар хьокъехь ойла яхьара аьлла. Миннихановна хетарехь, и гIуллакх "православин вешарех" гIагIа бар хир дара.

Цунах лаьцна ГIезалойчоьнан куьйгалхочо дIахьедар дина пIераскан дийнахь, спортехула йолчу комитетан а, "Россия - 2018" кхеташо вовшахтохаран комитетан а кхеташонехь.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, Миннихановс хаам бина футболан дуьненан чемпионат йоьдуш шайн республикехь 89 миллион соьмана йий доьхкира, амма цхьа а проблемаш а ца хилира аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG