ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ПIаьнгазахь ток йоккху станцеш яхкарна дуьхьал бу меттигера бахархой


Гуьржийчоь -- Дуисера митинг.
Гуьржийчоь -- Дуисера митинг.

ПIаьнгазарчу бахархоша Дуисехь дуьхьалонан акци дIаяхьна, шайн чIожехь ток йоккху станцеш яхкар сацо гIерташ. Керла гидроэлекторостанцеш яхкаро цигарчу экологина а, юьртабахамна а, туризм кхиарна а зе дийр ду аьлла хета царна.

"Кавказский узело" бинчу хаамца, ПIаьнгазан чIожехь Хадори ГЭС олу хаьлхара станци йиллира Китайн пачхьалкхан Малхбален-Сычуанан компанино 2004 шарахь. Кхин а 3 станци йилла планаш ю Гуьржийчоьнан Iедалан ПIаьнгазахь.

2005-чу шарахь Ходорерчу станцехь инцидент хиллера, меттигерчу нохчаша дакъа а лоцуш. Шайна ток оьшучу барамехь ц ало аьлла, станцино го а бина, митинг дIахIоттийра бахархоша. ГIароллехь болчара, ирх герз а детташ, совцийнера уьш.

Гуьржийчохь кхин а масех станци ю бахархой дуьхьал а болуш йилла лерина. Иштта, кхушеран Оханан-бутт болалуш Сванетехь Местиа-Чала боьду некъ къевлинера меттигерчу масийтта эвларчу бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG