ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шема мухIажираш цIаберзош Iамеркаца цхьаьна болх баран план кечйина Оьрсийчоьнан инарлаша


Шемара мухIажираш.
Шемара мухIажираш.

Шемара мухIажираш шайн махка цIаберзош цхьаьна болх бар хьокъехь кехат хьажийна шаьш Цхьаьнатоьхначу Штаташка аьлла, дIахьедар дина Оьрсийчоьнан тIеман министралло. Инарло Мизинцев Михаила дийцарехь, иза доьзна ду Оьрсийчоьнан а, Iамеркан а президентийн ХIелсинкехь Товбеца-беттан 16-чохь хиллачу цхьаьнакхетарехь цу хаттарехь барт хилла хиларца.

Оьрсийчоьнан тIеман министраллан векалша чIагIдарехь, дуьйцург ду Урданехь а, Ливанехь а, Туркойчохь а, Европерчу пачхьалкхашкахь болу мухIажираш цIарберзор хьокъехь план хIоттор.

Шемарчу мухIажирех а, царна цIаберза гIо дарх а лаьцна цу цхьаьнакхетарехь дийцина хилар хьахийра иза дIадирзича хиллачу зорбанан конференцехь Путин Владимира а, Трамп Доналда а. Амма цу шимма ца дийцира цу хаттарехь шайн билггала барт хилла хиларх лаьцна.

2011-чу шарахь тоIм болабелчхьана Шема-пачхьалкх йитина миллионаш мухIажираша. Царах дукхаха берш тIеэцна луларчу пачхьалкхашкахь. Трампа дуккхазза а баьхнера и нах шайн цIаберзо безаш хиларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG