ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламан комитето бакъ ца до Ярославан кIоштарчу колонин белхахо дIалацар


Оьрсийчоьн талламан комитето бакъ ца до шаьш Ярославан кIоштарчу №1 колонехь тутмакхна ницкъ бина белхахо лаьцна бохург.

Оцу колонин белхахо Яблоков Максим дIавигна, гIоьмаш а тоьхна, аьлла хаам бинера "Общественный вердик" фондерчу бакъонашларъярхоша. Цара а билагалдаьккхара шайгахь цу хьокъехь официалан хаам ца хилар.

ТАСС бинчу хаамца, лаххара а Товбеца-беттан 21-чохь сарахь 11 сахьт долуш цу гIуллакхехула лаьцна стаг вац аьлла цу агенталле таламан комитетехь.

Стохка Мангалан-баттахь Ярославан кIоштарчу №1 колонехь кIиза йиттинера цигахь хан токхучу Макаров Евгенийна. Талламан комитето таллам болийна. Цу урхаллан белхахоша теллина "Новая газето" шотдийнахь зорбане яьккхина видео. Иза яьккхина ю цхьана белхахочуьнан видеорегистраторо.

Видео тIехь гуш ду федералан таIзарш кхочуш дон сервисан белхахойн духар доьхначу масийтта стага, хийца а луш, тIера хIуманаш дIаяьхна волчу Макаровна чхьонкарш еттар а, коьрта тIе хи деттар а.

Видео зорбане яьллачул тIаьхьа долийна талламан комитето бехктакхаман гIуллакх. Бакъонашларъярхойн аьтто баьлла Макаровна етташ дакъалаьцначу 12 стеган цIерш къасто. Верриг а и зулам деш дакъалоцуш хилла 18 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG