ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-но зорбане яьккхина Яндиев Словакера Оьрсийчу дIакхачорах видео


Russia - Aslan Yandiev, Yandiyev

Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) антитерроран комитето зорбане яьккхина Яндиев Аслан Словакера Оьрсийчу дIакхачорах видео. Цу тIехь лаьцначо дагардо шена Оьрсийчуьрчу Iедалша дехкина бехкаш. Яндиев видеона тIехь готуш ву цкъа дуьххьара Словакехь а, цул тIаьхьа Оьрсийчуьрчу аэропортехь а.

ФСБ-но бинчу хаамца, Яндиевна бехке дуьллуш ду 2006-чу шарахь Буру-гIалахь, 4 стаг а вуьйш, терроран тIелатарш дар. ФСБ-но чIагIдо иза Басаев Шемилан тобанан декъашхо хилла бохуш.

Яндиевс шена буьллу бехкаш тIе ца дуьту.

Amnesty International вовшахтохаралло бинчу хаамца, иза Оьрсийчуьра дIавахана хилла 2008-чу шарахь, ца дина зуламаш бахьана долуш Iедалша ша хьийзорна кхоьруш. ФСБ-но чIагIдо Яндиевс Оьрсийчоь 2010-чу шарахь йитина бохуш. Хууш ду оцу шарахь цо Словакин Iедалшка политикан тховкIело ехна хилар.

МухIажиран статус лeчу метта 2011-чу шарахь Iедалша лецира Яндиев, Оьрсийчоьнан дехарца.

7 шарахь адвокташ дуьхьало ян гIиртира Яндиевна экстрадици ярна, амма Словакерчу суьдо сацам бира, Оьрсийчоьне иза дIавала мегар ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG