ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу бахархошна гIо дар хьокъехь барт бина Оьрсийчоьно а, Францино а


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а (аьтто), Францин президент Макрон Эммануэл а.
Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а (аьтто), Францин президент Макрон Эммануэл а.

Кремлан зорбанан сервисо бинчу хаамца, Шемарчу бахархошна гIо дарца доьзна хаттарш дийцаре дина телефонехула Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира а, Францин президенто Макрон Эммануэла а.

Ша аьлча, шина агIоно барт бина гуманитаран гIо кхачо Димашкъана гергахь йолчу Малхбалерчу Гуте. Оьрсийчоь реза хилла цу гIуллакхна юкъаозо шен цу хьашташна кхоьллина йолу транспортан инфраструктура.

Гуманитаран гIо бахархошна дIасадоькъур ду Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан векалша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG