ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Санкецеша дечу зенах лаьцна дийцина Соьлж-ГIалахь Италерчу политико


Нохчийчоь -- Италерчу бедарийн реклама Соьлж-ГIалахь.
Нохчийчоь -- Италерчу бедарийн реклама Соьлж-ГIалахь.

Оьрсийчоьнна дуьхаьл кхайкхийна санкцеш бахьана долуш хIора денна 7 миллион евро барамехь эшам хуьлу Италина. Цунах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца Соьлж-ГIалахь цхьаьнакхеттачу Италин хиллачу сенаторо Роберто Мура.

Цо дийцарехь, санкцеш кхайкхийначул тIаьхьа 10 эзар белхан меттиг дIаяьлла церан пачхьалкхехь. Цундела и проблема, Оьрсийчоьнан хилла ца Iаш, Италин а ю, аьлла хета Мурна.

Италера делегаци кхаьчна Соьлж-ГIала Марсхьокху 21-чу дийнахь. Оцу тобанна хьалхаваьлла ву экс-сенатор. Цуьнца цхьаьна Нохчийчу баьхкина бизнесхой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG