ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бахархоша социалан машанашкахь ден аьрзнаш луьстур ду Iедалша


Социалан машанашкахь лериначу программан гIирсашца бахархойн аьрзнаш талла Iалашо ю Оьрсийчоьнан Iедалхойн.

РБК агенталло бахарехь, "Медиалогия" компанино кхоьллинчу "Инцидент менеджмент" системано аьтто лур бу регионашкарчу Iедалшна бахархоша бинчу латкъамна катоьхна тIекхиа. РБК-н хьосташа тIечIагIдарца, шина регионехь тестан рожехь хIинцале а болх беш ю и система.

Цуьнан гIоьнца социалан "ВКонтакте", "Одноклассникаш", Фейсбук, Инстаграм, Твиттер машанашкахь зорбане йохку посташ вовшахтоьхна, цхьана дийнахь а, буса а зуьйр йолуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG