ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эзарнашкахь тутмакхаш маьршабохур бу Оьрсийчохь


Керла юкъадаьллачу федералан низамца а догIуш, масийтта эзар тутмакх маьршавоккхур ву,цара чохь яьккхина хан леринчул тIаьхьа. "Московский комсомолец" газетане дийцина цунах федералан кхелан сацамаш кхочушбечу урхаллан (ФСИН) куьйгалхочун гIовса Максименко Валерийс.

Цо бахарехь, керла низам хьакхалур ду таханалерачу дийнахь набахтехь волчу хIора а 5-чух. Бакъду, дукхахйолчу меттигашлахь, оцу сохьта арахоьцур бу бохург дац иза: тутмакхийн чохь яккха йисина хан яцйийр ю.

"Керлачу федераплан низамца а догIуш, тутмакхийн цхьана декъан хенаш охьайохур ю. Ткъа маьршаваккха лерина ву царех, тхан зерашца, 14 эзар стаг", - аьлла, билгалдаьккхина Максименкос.

Лецна латточара чохь даьккхина цхьа де цхьана дийнан эха дийнан барамехь лоручу низамна куьйгъяздира карарчу беттан юьххьехь.

Бакъду, низаман дакъа ца кхочу террорхойн артиклашца бехкебинчарна.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG