ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахьмадан фондо 150 полисхо ХьаьжцIа вохуьйтуш ву


Белхан декхарш кхочушдечу хенахь чевнаш йина 150 полисхо а, таронаш йоцу 150 Нохчийчоьнан вахархо а регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан ахчанца ХьаьжцIа вохуьйтуш ву. Махкарчу муфтиято, кху шарахь СаIуда Iаьрбийчу вахар 20 процентна дазлур ду аьлла дIахьедира.

Нохчийчуьрчу бусулбачийн зиярте баха лаам дIабаьккхина мехаш даздаларна аьлла, дIахьедо меттигерчу бахархоша.

Зиярте боьлхучийн тептар вовшахтухучара нийсо лелор ю аьлла ца хета бахархошна. Цара бахарехь, озабезамашца шайн гергарнаш, бевза-безарш, юьртахой, тайпа-тукхумара нах а юкъаийзор бу Iедалхоша.

КарабогIучу беттан 7-чу дийнахь новкъаер ю ХьаьжцIа боьлхучийн хьалхара тоба.

Стохка Нохчийчоьнна 2600 меттиг белира ХьажцIа ваха, амма ши эзар кхоччуш а вацара ваха лаарца кехаташ чуделларг. Динан урхаллехь болчара бахарехь, 3100 эзар долларшкахь ахча оьшу Мекка ваха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG