Оппозиционер Немцов Борис вийна аьлла бехкевина, хан токхучу Дадаев Заурна кхерамаш тесна, луьра хьелаш лаьттачу набахте дехьавоккхур ву аьлла, нагахь цо полиграф тIехь ша левайта дуьхьало яхь а, полисхошна ша дина йозанаш дIа а ца кхачадахь а, хаамбо "Росбалто". Зорбанашкахь ма-яздарра, талламчийн Iалашо ю Немцов вен кхачийнарг мила хилла зен.
Амма лецначара гIуллакх толлуш шайца юкъарло ца лелийча, гIуданаш детташ, шогаллаш лелийна цаьрца. Лецначийн адвокаташа а тIечIагIийна и информаци.
Дийцарехь, кIира хьалха Москохара комисси еанчул тIаьхьа дуьйнна Дадаев гIудадан изолятор чохь латтош ву. Дадаевца цхьана кхел йина Бахаев Хьамзат юьхьанца дуьхьал хиллехь а, шена колонехь кхерамаш тийсинчул тIаьхьа реза хилира полиграф тIехь хеттаршна жоьпаш дала.
Талламчаша жоьпаш лоьху Мухудинов Руслана а, Геремеев Руслана а оцу инцидентехь дакъалацарх, иштта хаа гIерта стенгахь къайлаяьккхина цара Немцов вийна тапча.
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!