ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь цхьана кIиранчохь ши стаг вийна, цхьанна чевнаш йина


"Кавказан узел" агенталлан зерашца, дахначу цхьана кIиранчохь герзашца хиллачу конфликташлахь ши стаг вийна, цхьанна чевнаш йина. Вийна шиъ Дагестанерчу полисхойн декъехь вара.

ГИБДД-н кхо белхахо чохь волчу машенна герзаш диттинера "Лада" автомобилчуьра Дагестанерчу Кизил-юртахь дахначу пIераскандийнахб.

Шиъ оцу сохьта велира, цхьанна чевнаш хилира.

"Исламан пачхьалкх" шех олучу организацино шена тIелаьцнера зулам. Хасав-юьртарчу тIемалойн тобанхоша дина хиллера тIелатар, полисхоша бахарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG