Нохчийчохь тIеман хенахь талорхоша лачкъийна 20 гергга музейн экспонаташ республике юхаерзо аьтто хилла. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам Iилман Академин археологийн талламийн центран белхахочо Исаев Султана. Музей схьаерзийначу хIуманашлахь ду ширачу заманара борзан шаьлта, дагарш, гIагI, зударийн кочаухкучарех дисина туьтеш, иштта кхи дIа а. Советан заманахь Нохчийчоьнан территорри тIехь динчу ахкаршкахь карийна яра уьш.
"ХIора хIуманна тIехь йоза ду, дукхахйолчарна тIера йоза дайна, - дуьйцу Исаевс. – Делахь а хала дац къасто, нохчийн историна мехаллин, уьш ширачу заманара юйла. Ставрополерчу музейн куьйгалло тхоьга юха схьакхачийна и экспонаташ".
Нохчийчохь шина а тIамехь меттигерчу музейшкара мародераша лечкъийна, дIаяьхьнера иттанашкахь эзарнаш экспонаташ.