ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу туризман комитетах министралла еш ю


Мехкан куьйгалхо Кадыров Рамзан тIетайна туризман Комитетах министралла еш кховдийначу дехарна. Туризман министралла а кхуллур ю, керла вице-премьеран дарж юкъадалош ду аьлла, бина хаам бу мехкан куьйгалхочун официалан сайт тIехь. Керла хаьржинчу вице-премьеро уьйраш латтор ю регионерчу экономикан блокан а, пачхьалкхан бахаман а, энергетикан а, Iаламах пайдаоьцучеран а.

Иштта дIайохор ю туризмехула а, бизнес кхиорехуда а йолу комитеташ. Бан леринчу хийцамашна тIе а товш, Кадыровс билгалдаьккхина, регионехь туризм кхиор экономикан уггар коьртачех хилар а, кхуллучу министраллана хьалха оцу сферехь дуккха а бан безаш белхаш хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG