ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алименташ тIехьарчийначун бакъо хир яц машен лело


Алименташ тIехьарчийнарш машен лело бакъо лучу экзамене тIе ца буьтуш низаман проект кечъеш ю юридикан министреллехь аьлла, хаамбина йоьдучу горгачу стоьлехь Оьрсийчуьрчу пурстоьпийн урхаллан куьйгалхочо Аристов Дмитрийс. "Стенна воьду хьо машен Iамо а, нагахь и эца таро хьайн ца хилча, хьо декхаршлахь хилча? Айхьа декхар дIатаккхалц гIаш лела, я ахча кхоа а деш, юкъарчу транспорт тIехь дIасалела", - аьлла Аристовс.

Цо бахарехь, юкъадалочу низамна тIетайна чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG