ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь хиллачу Дудуркаева Седина кхел йийр ю Туркойчохь


Нохчийчуьрчу миграцин урхаллан куьйгалхо лаьттинчу Дудуркаев Асун йоьIан Дудуркаева Седин кхел карабогIучу баттахь хир йолуш ю Истанбулехь аьлла, хаамбина цуьнан нанас "Кавказан узел" агенталле. Шемарчу даIишхойх дIакхетарна бехкеен Седа шен шина бераца Истанбулерчу набахтехь латтош ю.

Масех шо хьалха Шема дIаяхана Дудуркаева Седа Туркойчохь лацарх хаамбира зорбанашкахь кху беттан 20-чохь. Верриг а Истанбулехь антитерроран рейдашкахь дIалаьцнарг ву пхи стаг.

"Седа лаьцна юьтуш кхело сацамбина дахначу оршотдийнахь. Туркойн низамашца 30 де дIадалале довхотту хан билгалйоккхуш ду, цундела карабогIу бутт юккъе баьлча кхелахой гуллур бу аьлла хета-кх суна", - аьлла йоьIан нанас Дудуркаева Миланас.

Бакъо йоцуш кхечу пачхьалкхан доза хадорна а, даIишхошца уьйрашкахь хиларна а бехкееш ю шен йоI аьлла нанас. "Керланаш" агенталло яздарехь, Дудуркаеван гергарнаш шайн йоьIан бераш набахтера арадаха гIерта.

Нохчийчоьнан миграцин урхаллан куьйгаллехь лаьттина Дудуркаев Асу даржах вохийра мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, цуьнан йоI Шемахь тIом беш хиларна бехкевеш.

ЙоьIан нанас чIагIдарехь, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах масийттаза яда а гIоьртинера цунан йоI, амма хIоразза а Седа юхаялайора даIишхоша.

Стохка гурахь дуьйнна хиллера Дудуркаева Седа Туркойчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG