Кхаъ эцарна а, полицин стационаран постехула стаг чекхваккхарна а талламхоша шеконашка эцна гIалгIайн полисхо. Талламчийн версица, кху беттан 19-чохь некъан полисхойн постехь автомобил дехьа йолуьйтург машенлелорхочуьнгара 24 эзар сом ахча эцна полисхочо "Кавказ" олучу коьртачу новкъахь.
Ахча схьаэцначул тIаьхьа дIалаьцнера полисхо. Регионерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралло талламаш болийна, цул тIаьхьа балхара вохор волуш ву бехкевийриг аьлла, яздина ду ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь.
Бехк тIаьхь биссахь, 6 шо гергга набахтехь яккха хан кхачор ю полисхочунна.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ