ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Желтойчохь цIераш йийлина, нах баьгна


Желтойчоьнан хьаннашкахь цIераш йийлина мел лаххара а 50 стаг велла, бIе сов ву чевнаш хилларг. Царех доккхахдолу дакъа чолхечу хьелашкахь ду. Меттигерчу Iедалхоша бина и хаам шинаридийнахь.

Масех регионехь чолхечу хьолан раж кхайкхийна. Афинашна гена йоццучу курортан кIоштахь яьлла уггар а йоккха цIе, цигахь 24 стаг ваьгна велла. БIеннашкахь орцанхой а, эскархой а бу цIе яйа тIеоьзна. Евробертан пачхьалкхашка орца дехна желтоша.

ТIаьххьарчу иттех шерашкахь уггар яккхий лоруш ю кхушарахь йийлина цIераш. Беттанашкахь тIехсов йовхо латтарна йийлина цигахь цIераш. Мехаша цIе дIасаяржорна аьтто ца болу орцанхойн и дIаяйа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG