ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров мехкан урхаллехь витар доьху депутаташа


Кху шеран гурахь хинболчу мехкан куьйгалхочун харжамашкахь дакъалацийта Евкуров Юнус-Бекан кандидатура тидамеэцар деха сацамбина "Цхьаалин Оьрсийчоь" партин инарла кхеташоно Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире. Стигалкъекъа-баттахь Петарбухахь йоьдучу дуьненаюкъарчу экономикан форумехь Евкурвос дIахьедира, кхи дIа а ГIалгIайчоьнан урхаллехь виса кийча ву ша, нагахь Оьрсийчоьнан президенто шен кандидатура парламенте кховдаяхь аьлла.

"Тхо тешна ду, Евкуровс урхалла а деш, кхи дIа а тхан республика экономикехь а, социалан сферехь а кхиаме хирг хиларна", - аьлла, дIахьедина партин Инарла кхеташонан секретаро Турчак Андрейс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG