ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Джабраилов Iумар партин могIаршкара дIаваьккхина


Джабраилов Iумар

Кхелахошца гIуллакх деана ву аьлла, "Цхьаалин Оьрсийчоь" партин могIаршкара дIаваьккхина нохчийн бизнесхо Джабраилов Iумар аьлла, хаамбина цуьнан адвокато Бочалова Зимас, церан сацам низамехь цахилар дIа а хьедеш. Стохка аьхка Москохарчу отелехь тховх герз деттарна лаьцнера Джабраилов. Нохчийчохь тIеман шерашкахь корта лазийна ву ша, цундела ларамза яьлла шегара и ледарло аьллера бизнесхочо.

Москохарчу Тверскан кхело 500 эзар сом гIуда а хьарчийра цунах, арахь даккха ши шо дехнера цунна прокуроро.

Адвокато бахарехь, партин уставо могIаршкара стаг дIаваккха магадо, нагахь зуламечу гIуллакхна иза бехкевинехь.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG