ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Некъан бохамехь ши стаг верна набахте хьажийна Куьршалара вахархо


Некъан бохамехь ларамза карах ши стаг веллачу Куьршаларчу вахархочун довхаттар дирзина. Талламчаша чIагIдарца, цу дийнахь маларх кхетта машенан урхалла дан хиина хилла и стаг. Машен юьгучу заманчохь урхалла дечух воьхначу цуьнан автомобил бIогIамах кхетта хилла. Цуьнца цхьана салон чохь хилла ши пассажир веллера йинчу чевнех.

Кхелахоша сацам бечу заманчохь, оцу бехкевечун пхи бер хилар тидаме а эцна, набахтехь даккха 4 шо хан кхайкхйина цунна. Иштта дихкина цунна машен лелор а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG