Пакистанан Къилба Малхбузерчу Кветта гIалахь динчу терактехь вийна 29 стаг, чевнаш йина 30-нна, царех цхьаберш чолхечу хьелашкахь бу. Харжамийн декъан хьалха Iожалхочо бомба а оьккхуьйтуш, тIелатар дина цигахь. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано шена тIелаьцна зулам. Теракт хиллачу меттигна голаьцна. ТIаьхьо еанчу саперийн тобанна тIелатар динчун карахь эккхаза граната карийнера.
Кхааридийнахь юкъара парламентан лахарчу палатан а, низамаш дохучу хьукматийн а харжамаш бара дIахьош Пакистанехь. Харжамаш дIахьочу юкъанна теракташ дар дуьххьара дац Пакистанехь. Карарчу беттан 13-чохь оццу гIалахь динчу эккхийтарехь вийра 133 стаг, лазийнера 230 сов вахархо.
ДаIишхоша хIетахь а шайна тIелаьцнера теракт.