ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Желтойчохь цIерашкахь баьгначийн терахь кхуьуш ду


Желтойчохь хьаннашкахь цIе йийларан бахьанашца беллачийн терахь 79 стаге хьаладьалла кхааридийнахь. Меттигерчу орцанхоша бина и хаам. Хьалхо хааме даккхарца 74 вара велларг. 200 гергга ву ваьгна, чевнаш йинарг, бIеннал а сов ву вайнарг. Кхаа денна тезет кхайкхийна пачхьалкхехь.

Оршотдийнахь дуьйнна цIераш йийлар марсадаьлла желтойн махкахь. Масех пачхьалкхан регионашкахь чолхечу хьолан раж кхайкхийна.

Афинашна гена йоццучу курортан кIоштахь яьлла уггар а йоккха цIе, цигахь 24 стаг ваьгна велла. БIеннашкахь орцанхой а, эскархой а бу цIе яйа тIеоьзна. Евробертан пачхьалкхашка орца дехна желтоша.

ТIаьххьарчу иттех шерашкахь уггар яккхий лоруш ю кхушарахь йийлина цIераш. Беттанашкахь тIехсов йовхо латтарна йийлина цигахь цIераш. Мехаша цIе дIасаяржорна аьтто ца болу орцанхойн и дIаяйа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG