ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Радан депутатна йиттина нохчо реза ву Киеве юхаваха


Лакхарчу Радан депутат Найем Мустафа
Лакхарчу Радан депутат Найем Мустафа

Лакхарчу Радан депутатна Найем Мустафана йиттина аьлла, шеконашкахь латто 29 шо долу Нохчийчуьра схьаваьлла Украинан вахархо Саитов Мохьмад-Эмин реза ву Киеве а веана, шена дуьхьал даьккхина зуламан гIуллакх толлуш гIо дан. "Кавказ.Реалии" портале бина и хаам цуьнан адвокато Ищенко Олега.

"Оцу гIуллакхна гонах йоккха гIовгIа гIаттийна, моха йирзинчул тIаьхьа Саитов Киеве юхавогIур волуш ву. Иза дIалаца а тарло, я ца лаца а мега", - аьлла юристо. Цунна хетарехь, полисхой хьогIе бу Саитовца.

Депутатан декхарш кхочушдан йисина хан Найема чекхъяьллачул тIаьхьа, хьал хийцалур ду аьлла, тешна ву адвокат Ищенко. Иштта цунна хетарехь, шен машенца некъ дIа а къевлина, конфликте ситуаци хIотторна бехк депутатан шен бу.

Саитов Украине дIавала дуьхьало йира хьалхо Азербайджанан Инарла прокуратурано. Зорбанаша яздарехь, Охан-баттахь инцидент иккхинчул тIаьхьа Саитов Баку дIавахара.

Нохчийн тобанца хиллачу конфликтехь депутатан мочхал кагдийнера, хье лазийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG