ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь вийна Батирашвили Тамаз


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн хьалханча лаьттинчу Батирашвили Тарханан (Аш-Шишани Iумар) воккхахволу ваша, ПIаьнказан чIожерчу Биркианера схьаваьлла 38 шо долу Батирашвили Тамаз вийна Шемарчу тIамехь аьлла, шайн сайтехь хааме даьккхина гуьржийн "Рустави 2" телекомпанино.

И хаам тIечIагIбина ПIаьнказарчу бахархоша а. Цара дийцарехь, Батирашвили Тарханан воккхахволу ваша тIеман тийсадаларшкахь вийна, ткъа цуьнца хиллачу цуьнан доьзалан кIелхьарабала аьтто баьлла.

Биркианехь вехаш хилла Тамаз 2013-чу шарахь дIакхеттера даIишхойх, цул тIаьхьа дIайигинера цо ша волчу деа бераца шен хIусамнана.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG