ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Депортацехь хиллачу вайнахах керла документаш кхаьчна гIалгIайн архиве


Къам махках даьккхинчу шерашкахь Казахстанехь а, ГIиргIазойчохь а бохийначеран хиллачу дахарх, некъах йоккха материал кхаьчна ГIалгIайчоьнан архиве. Цу мехкашкарчу архиван хьукматашкахь документаш юхаметтахIиттош боккха болх бира гIалгIайн историкаша-говзанчаша. Вайнаха хийрачу мехкашкахь лайначух лаьцна 2000 агIонах лаьтта документаш а, кадраш а каракхаьчна церан.

ГIалгIайчоьнан Архиван фонде кхачор долуш ду и документаш аьлла, дийцина "Кавказан узел" агенталле гIалгIайн пачхьалкхан архиван директоро Картоев Мохьмада.

Кху деношкахь ГIалгIайчоьнан пачхьалкхан архив вовшахтоьхна 25 шо дуьзна. "Оцу шерашкахь тхан коьрта Iалашо яра – къоман исторех документаш меттахIоттор", - аьлла Картоевс.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG