Теракташ лелийна ву аьлла, бехкевина, Словакера депортаци йина Яндиев Аслан БуьритIерчу къайлахчу сервисийн изоляторчу воьллина. Маршо Радионо яздира, Къилба ХIирийчуьрчу Пригородный кIоштахь ваьхна гIалгIа Яндиев Аслан, Оьрсийчоьнан дехарца Словакино 2011-чу шарахь дуьйна дIалаьцна а латтийна, кху деношкахь Братиславера Москох доьдучу кеманца дIахьажорах. Талламчийн лаамца, Москохара БуьритIе дIакхачийна иза.
2005-2006-чу а шерашкахь Къилбаседа ХIирийчоьнан дозан тIехь герзашца леллачу тобанашца цхьана зуламаш лелийна аьлла, бехкевора Яндиев. Цуьнан гергарчара бакъ ца до, шайн стаг гунахь хилар дохкучу бехкашна. Карарчу хенахь цунна адвокат а лаьцна цара, Яндиевца цхьанакхетар а хилла цуьнан.
Бух боцу бехкаш тIе а дехкина, Iедалхоша цунна тIехь Iазапаш лелорна кхоьру бакъонашларъярхой дуьхьала бара цунна экстрадици яйта.
Талламчаша чIагIдарца, Яндиев лаьттинчу тобанехь хилла кхи а пхи стаг: Цуров Рустам, Хадзиев Iумар, Оздоев Алихан а. Царех кханна Къилбаседа ХIирийчоьнан Лакхарчу кхело ехха хенаш тоьхна набахтехь такха, шиъ вийна.