ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь динчу терактехь велларг 246 стаг ву


Шемарчу Эс-Сувейдехь динчу терактехь беллачийн терахь 246 лакхадаьлла. France-Presse агенталло бо и хаам, адамийн бакъонаш ларъярна тIехь мониторинг латточу Шемарчу центран хаамашна тIе а тевжаш. Маьршачу бахархойх 135 стаг ву байинчарлахь.

Де хьалха дийнахь дина Сувейдехь теракт. Адамах юьзначу базарахь цхьана Iожалхочо бомба эккхийтира, вукхо эккхийтира ша луларчу кIоштахь. ТIаьххьарчу беттанашкахь жигара даьхна теракташ Шемахь. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано шена тIелаьцна динчу тIелатарх жоьпалла

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG