ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиевн кхеле 6 теш веана


Хьем а беш, долийна еаридийнахь бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан довхаттар Шеларчу кхелехь. Полисхочуьнга Юнусов Мохьмаде дечу хеттаршца йолийра кхеташо. Титиевн гIуллакхах процесс йолаелла кху беттан 19-чу дийнахь. Прокуроро бехк тIечIагIбеш, сацам бовзийтинчул тIаьхьа кхелахоша барт хаьттира ворхI теше - полисхошка. КIад болу хIуммаъ ца дийцира цара Титиев лоцучу динахь хиллачух. Дечкен-беттан 11-чохь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев, марихуана хилла цуьнгахь аьлла. Ша бакъонашларъярхочо полисхоша шена кхийсина лору наркотикаш. Европан кхеле арз чуделлера цо, шена дуьхьал айдина гIуллакх политикан бух тIехь ду аьлла.

Iуьйранна 10 сахьт даьлча йоло лерина процесс цхьайттолгIачух ткъе пхиъ минот яьлча йолийра. Титиев Аюб а валийна кхеле, хIинццалц видеозIенехула хеттарш деш, латтийна волу. Массо а цуьнан адвокаташ баьхкина кхеле - Новиков Илья, Заикин Петр, Дубровина Марина а.

Иштта баьхкина гергарнаш а, доттагIий а. Бу цаьрца "Новая газетан" журналист Милашина Елена а.

Кхелан секретаро даредарца, процессехь дакъалоцур ду ялх тешо а, вуьйш цабахкаран бахьанаш хууш дац аьлла, дийцина кхелерчу "Кавказан узел" агенталлан кореспонденто.

Хьалха жоьпаш дала чукхайкхира Майртуьпахь вина а, кхиъна а волу полицин сержант Юнусов Мохьмад. "Мемориалан" информацица, 2008-чу шарахь дуьнна ву иза цигахь болх беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG