ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Накъостан машен йигначу нохчочунна дуьхьал гIуллакх долийна


Москохан кIоштарчу вахархочо Сочехь полисхошка орцадаьккхинера, шен БМВ машен йигина аьлла. Буьйсанна машен цхьана цIенна уллохь латийна а йитина, дехьаваьллера иза. Машенчохь висинера цуьнан накъост, Нохчийчуьра 28 шо долу жимстаг. ГIуллакх чекхдаьккхина юхавирзича, хIоттийначохь ца карийра цунна машен. Телефон дIатоьхча жоп луш а ца хилла кхуьнан накъоста, тIаккха полице ваьлла иза.

ГIалин цхьана урамехь хааеллера полисхошна йигина кхуьнан машен. Машен йигинчо, ша гIали юккъехула хахкавала ваханера, амма тила а тилла, юхаван ца хууш висинера ша аьлла, кхетийна.

Бехкзуламан гIуллакх даьккхина нохчийн кIантанан дуьхьал. Пхеа шаре кхаччалц хан йогIу цунна аьлла, яздо Сочерчу чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан пресс-гIуллакххоша.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG