Шемарчу даIишхойх дIакхета Iалашо хилла 10 стаг сацийна шаьш Дечкен баттара байначу батте кхаччалц, ткъа дахначу шарахь 50 жимстаг лаьцнера шаьш аьлла, дIахьедина Нохчийчуьрчу полисхоша.
"Кху тIаьххьарчу эхашерачохь чоьхьарчу гIуллакхийн белхахоша дIаяьхьначу рейдашкахь Гергарчу Малхбале дехьа а бевлла, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета кечвеллачу итт стагна новкъарло йира. Иштта меттиггера бахархой тIемалойн тобане ийзон пхи меттиг а гучубаьлла", - дийцина "Кавказан узел" агенталле церан хьостано.
Болчу хаамашца, и терахьаш билгалдаьхна Соьлжа-ГIалахь кIирандийнахь чоьхьарчу гIуллакхийн министрца хиллачу коллегехь. Республикерчу ницкъаллийн структурийн белхахойн жамIашца, Нохчийчуьра дIавахана Шемахь тIемашкахь ву 800 гергга стаг, царех 600 дуьненаюкъарчу лехамашкахь ву.
Министраллан куьйгалхошна хетарехь, Шема баха гIертачийн терахь лахдалар цаьрца бен профилактикан болх бахьанехь ду.