ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелахой дуьхьал бу Титиев маьршавалийта


Бакъонашларъярхо Титиев Аюб эхашарна чохь вуьтуш кхелахоша бинчу сацамна цуьнан адвокаташа дина арз юхатоьхна Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело. Адвокатийн аргументаш тергал ца еш, лаьцна вуьсу Титиев.

Эхашарна бакъонашларъярхо чохь латто бух бац, цхьа а тоьшалла а дац иза къайлавер ву, я тешашна цо тIеIаткъам бийр бу ала аьлла, дIахьедира кхеташонехь адвокато Дубровина Маринас.

Прокуроран рапортан бух тIехь ша лаьцна латтош ву аларх кхеташ вац ша Титиев а, цунна гайтина дац и документ. Иштта тIаьхьа ца кхуьу иза, прокуроро Байтаевас барта аларца шена шозза чохь вуьтуш хан дIа хIунда яхйо а.

Адвокатийн арз жоп доцуш дуьтуш, Титиев Аюб ГIуран-беттан 22-чу кхаччалц чохь вуьтуш, сацамбина кхелахоша.

Кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхо Титиев Аюб, наркотикаш лелош хилла аьлла, бехкевина. Титиевс а, цуьнан гергарчара а, белхан накъосташа а цунна наркотикаш кхийсина ю аьлла полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG