ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан мозгIар маьрша ца ваккхахь Туркойчоьнна санкцеш тухур ю Трампа


Туркойчоьнна дуьхьал "яккхий санкцеш" яха дагахь ву Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд, нагахь Iедалхоша дIасавалар дихкина латто Iамеркан мозгIар Брансон Эндрю маьрша ца ваккхахь. Твиттерехь яздина цунах Iамеркан президенто.

"ЧIогIа бала хьоьгуш ву и стаг. Бехк-гунахь доцуш, динца лелаш стаг ву Брансон, катоьхна маьршаваккха веза иза", - аьлла, яздо Трампа.

Цу кепара дIахьедар дира президенто, вице - президента Пенс Майка Хонкарна дуьхьал санкцеш яха тарло аьлла, изза дIахьедар дина цхьа сахьт даьллачул тIаьхьа.

"Президенте ЭрдогIане а, пачхьалкхан урхалле а кост ду сан Iамеркан президентан цIарах: мозгIар Брансон Эндрю дIахоьцу аш кху сохьта я кечло оха дуьхьалдокхучунна", - элира Пенса, Вашингтонан пачхьалкхан департаментехь динан маршо ларъечу барамехь вистхуьлуш.

20 шарахь Туркойчохь болх бина Брансон набахте хьажийра 2014-чу шарахь, цул тIаьхьа, терроризм а, шпионалла а лелийна, пачхьалкхан Iедална карчам бан гIоьртинчу тобанашна гIоьналла а латтиийна аьлла, бехкаш дехкира.

Кху беттан 25-чу дийне кхаччалц набахтехь латтийра Брансон, цул тIаьхьа шен цIера дIасавала дихкина латтош ву Туркойчохь. МозгIар набахтера ара а ваьххкина, шен цIахь гурашкахь витар тоаме дац, цунна Туркойчуьра аравала магийта деза аьлла, дIахьедина Iамеркан пачхьалкхан секретаро Пампео Майка.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG