ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лецначарна тIехь Iазапаш лелийначу полисхошна хенаш йиттина


ГIалгIайчуьрчу ницкъаллийн структурийн ворхI белхахочунна Нальчикерчу тIеман кхело хенаш кхайкхийна. Прокуроро ехначул а кIезиг хенаш тоьхна царна.

Экстремизмна дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) хиллачу куьйгалхочунна Хамхоев Тимурна набахтехь даккха 7 шо кхайкхийна (прокуроро 13 шо а, эпсаран майор цIарах ваккхар а дехнера иза). Ткъа цуьнан гIовс лаьттинчу Хандогин Сергейна кхачийна арахь даккха кхо шо (6 шой, полковникан чинах ваккхар дехнера иза).

ЦПЭ-н декъан белхахошна Аспиев Iийсанна а, Безносюк Андрейна а 5,5 а, 3 шо а хенаш кхайкхийна. Прокуроро итт шераш дехнера царна.

16 шо тоха аьллачу Беков Алиханна набахтехь даккха 10 шо тоьхна.

Сунжа-кIоштан полисхойн декъан куьйгалхо хиллачу Беков Мохьмадна 6 шо дехнехь а, тоьхнарг 3 шо ду.

Къайлахчу сервисийн белхахочун Цороев Мустафан 5 шо хан яккха еза набахтехь, дехначу 9 шеран метта.

Маршо Радионо шен агIонашкахь яздира гIалгIайн ницкъахошна тIехь йоьдучу кхелан процессех. Уьш бехкебора нах байарна а, шайн даржех пайда а оьцуш, нахана тIехь Iазапаш латторна а, церан могушаллана зенаш дарна а, ахчанаш дахарна а, харц кехаташ лелорна а.

Бехкаш тIе ца лаьцна царех цхьаммо а.

Полисхоша тIехь ницкъбина аьлла, аьрзнаш динарг вара 10 стаг. Левина цу гIуллакхан хьокъехь 300 теш, 500 талламан барамаш дIабаьхьна.

"Бакъонан зона" сайто бечу хаамашца, Хандогин Сергей виссалц, массо а эпсаран чинех баьхна.

XS
SM
MD
LG