Уфахь ши кIира хьалха вайна 34 шо долу Мухаметьянов Динар. Ша-тайпа билгало хилла цуьнан аьтту куьйгатIехь: чкъураца яздина "Нохчийчоь" а, диллина хи-аьзнин сурт а хилла. ToDay News Ufa хьостано яздарехь, тIаьххьара Мухаметьянов гина кху беттан 13-чу дийнахь.
Полици а, волонтераш а бу арабевла и жимстаг лоьхуш.