ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу тIамна дуьхьал лаьттина яздархо велла


Яздархо Войнович Владимир

85 шаре ваьлла яздархо Войнович Владимир велла аьлла, фейсбукерчу шен агIон тIехь яздина журналисто Давыдов Виктора. Цо чIагIдарехь, даге лазар иккхина кхелхина иза.

1932-чу шарахь Душанбехь вина вара Войнович Владимир.

Нохчийчуьрчу тIамна ша дуьхьал хилар хоуьйтуш кехатна куьгяздинера цо 2003-чу шарахь, ткъа 2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире кхайкхамбира, Украинан эскархо Савченко Надежда дIахецар доьхуш.

Кху шеран Стигалкъекъа-баттахь кхечу културин гIуллакххошца цхьана Петарбухахь йоьдучу форумехь кхайкхамбира набахтехь мацалла кхайкхина украинхойн режиссер Сенцов Олег дIахеца аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG