ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СИЗО-хь латточу Янгулбаевна тIе лоьраш ца буьту


Экстремизм яржош ву аьлла, бехкевинчу Янгулбаев ИбрехIима арздина, чолхе операци йинчул тIаьхьа лоьрийн гIо ца кхачийна шена аьлла. Цуьнан адвокате кхаьчначу информацица, ледарчу хьолехь ву Янгулбаев, хаамбина "Новая газетано".

"Оьрсийн эскархой" цIе йолчу социалан тобанехьа цабезам, мостагIалла марсадаккхарна (зуламан кодексан 282-чу артиклца) бехкевина 24 шо долу Янгулбаев ИбрехIим. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь оьрсийн эскарша байинчу маьршачу бахархойн суьрташ "ВКонтактерчу" шен пена тIе охкарна бехкевира студент.

Кхо бутт хьалха довхатта долийра цуьнан. ХIора кхелан кхеташонехь суьдхочо дIахьедо лаьцна латточо мехкан Iедална критика ярх, яздо газетано.

Кху беттан юьххьехь СИЗО-хь лоьре далхийнера цо, шен гай чохь лазарш ду аьлла, амма медицинан гIо ца кхачийра цунна. Эххар а цунна тIе балийначу лоьраша, маса дарбан цIийне кхачаве иза аьлча а, СИЗО-н хьаькамаша тергамза дитира, яздо "Новая газетано".

Кху беттан 11-чохь кхелан кхеташоне валийра Янгулбаев. Кхеле кхайкхинчу лоьраша аппендицит ю аьлла, лазар билгалдаьккхинера цуьнан, амма цул тIахьа а масех сахьт даллалц латтийнера иза дарбан хIусаме ца вуьгуш.

Операци йинчул тIахьа лоьраша аьлла а хиллера, хьовзам бала тарло цуьнан лазарх аьлла. Исс де лазартнехь даккхийтина, юхавалийра Янгулбаев СИЗО. ХIетахь дуьйнна цхьана а кепара лоьрашкара дарба кхачийтина дац цуьнна.

Еаридийнахь Нохчийчуьрчу прокуроре шен адвокатехула арз дахьийтира Янгулбаевс, шена медицинан дарба цадарх, ткъа шолгIачу дийнахь адвокатна Дубровина Маринина хиъна цIеххьана кIентан могушалла талхарх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG