ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Псковра десантхошна тIелатар дина аьлла, хенаш кхайкхийна юха а


Яндарбиев Зеламха, Удугов Мовлади, Басаев Шемал, 1996ш
Яндарбиев Зеламха, Удугов Мовлади, Басаев Шемал, 1996ш

2000-чу шарахь Шуьйта кIоштарчу Улус-Кертахь Псковерчу десантхошна тIелатар динчех ву аьлла, кхеле хIиттийначу 46 шо долчу Ушаев Артурна а, 48 шаре ваьллачу Наматов Русланна а 19, 18 шераш кхайкхийна кхело.

Талораллаш лелийна зуламхо жоьпе озо магийна хан тIехтилла бохушшехь, Къилбаседа Кавказан тIеман кхело бехк тIехь битина Ушаевна а, Наматовна а, яздо "Коммерсанто".

Шина сахьтехь гергга бовзийтира кхелахоша шайн сацам. Льцначух цхьанна тIехь майка яра Кадыров Ахьмадан сурт тIехь а долуш, "Веза, дагахь ву, хала а хета" аьлла, тIе а яздина.

Стохка бIаьста лаьцна ву и ший а. Юхьанца бехкаш тIе ца лоцура цу шиммо, талламаш бечу хенахь Наматовс даредира, тIаьххьара юха а дуьхьалвелира къароян. Десантхошна тIелатардинчу Украинан вахархочо Малофеев Александра дIахьедира, Ушаев а, Наматов а тIамехь дакъалаьцна ву аьлла.

Хьуьнхахь 300 метар генахь хиллачу Малофеевна вовзийла дац Наматов а, Ушаев а бохуш, дIахьедора адвокаташа. Гергарчу хенахь лакхарчу инстанце апелляци чуяла дагахь бу цушиннан адвокташа.

Талламчаша чIагIдарехь, Нохчийчохь тIеман баьччийн Басаевн а, Хаттабан а куьйга кIел тIемаш бина цара 2000-чу шеран Iай федералашна дуьхьал. 84 эскархо а вуьйш, Шуьйтан кIоштарчу Улус-Кертна гергахь Псковра десантан рота йохош дакъалаьцна цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG